ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн депутаташ юхаэцна шаьш кхеле бина латкъам


Магас.
Магас.

ГIалгIайчоьнан депутаташа юхаэцна Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам таллар доьхуш, шаьш республикан Конституцин суьде бина латкъам. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло. Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а.

Ткъа хIинца царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIерш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла.

ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо Конституцин кхеле кховдийна латкъам бух боцуш хуьлуьйту, республикан низамашца а догIуш, иза дан лаххара 11 депутат оьшуш волун дела бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG