ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан муфтийна Нохчийчу лелар дагадаийтина Соьлж-ГIалин къедас (видео)


ГIалгIайчоьнан муфтий Хамхоев Iийса.

Нохчийчоьнан муфтийн когаметта а, Соьлж-ГIалин къеда волчу Ильясов Адама дуьхьалтохамца къамел дина ГIалгIайчоьнан муфтега Хамхоев Iийсага. Ильясовс бехке вина Хамхоев дов марсадаккха гIертарна, Нохчийчохь гIортор лоьхуш иза Соьлж-ГIала лелла хан цунна дага а йоуьйтуш.

Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов ша волчу варна комментари еш Хамхоевс аьллера, шега жоп далалур дац, меттигерчу кегийрхойх, нагахь Нохчийчоьнан спикер ша волчу юха а вагIахь аьлла.

Иза хета Ильясовна дов даккха гIертар. Цо Хамхоевга хьажийна дина къамел тIехь долу видео зорбане яьлла YouTube-хь.

Цу тIехь Ильясовс шайна дика дага йогIу боху Хамхоев орца доьхуш Нохчийчуь "идина" хан.

XS
SM
MD
LG