Ши депутат юхаваьллехь а Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам таллар сацор дац ГIалгIайчоьнан конституцин кхело. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталле суьдан белхахоша.
Хьалхо ТАСС агенталло хаам бинера ГIалгIайчоьнан шина депутато юхаэцна шаьш республикан Конституцин суьде бина латкъам аьлла.
Конституцин суьде Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Амма шинарин Iуьйранна хаам баьржира, царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIерш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла.
ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо Конституцин кхеле кховдийна латкъам бух боцуш хуьлуьйту, республикан низамашца а догIуш, иза дан лаххара 11 депутат оьшуш волун дела бохуш.