Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам листина ГIалгIайчоьнан конституцин кхело. Цуьнан декъашхоша харц лерина доза хуьйцуш Нохчийчоьнца бина барт, цу хаттарехула референдум яр т1е а дожош.
Конституцин суьде Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Амма шинарин Iуьйранна хаам баьржира, царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIерш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла.
ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо Конституцин кхеле кховдийна латкъам бух боцуш хуьлуьйту, республикан низамашца а догIуш, иза дан лаххара 11 депутат оьшуш волун дела бохуш.