ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца дозанан низам юхадаккха дагахь ю ГIалгIайчоьнан парламент


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламо (парламенто) гергарчу хенахь кхочуш дийр ду Нохчийчоьнца доза къасторах лаьцна низам юхадаккхарца доьзна хаттар. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо" гIалгIайн депутато Мамилов Закрийс.

Цунна хетарехь, меттигерчу конституцин кхело и низам харц ларарна тIаьххье дан дезарг ду иза юхадаккхар.

Шинарин сарахь Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам харц лерира цу республикан конституцин кхело, цу хаттарехула референдум яр тIе а дожош.

Конституцин суьде Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Амма шинарин Iуьйранна хаам баьржира, царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIерш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла.

ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо Конституцин кхеле кховдийна латкъам бух боцуш хуьлуьйту, республикан низамашца а догIуш, иза дан лаххара II депутат оьшуш волун дела бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG