ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан конституцин кхеле дала мегаш ду нохч-гIалгIайн дозанан хаттар


Евкуров Юнус-Бек а (аьрр), Кадыров Рамзан а.
Евкуров Юнус-Бек а (аьрр), Кадыров Рамзан а.

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу административан дозанца доьзна хаттар къасто деза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело, аьлла хеташ ву гIалгIайн лидер Евкуров Юнус-Бек. Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам шинарин дийнахь харц леринчу республикерчу конституцин кхелана латкъам бан дагахь ву иза.

ГIалгIайчоьнан администрацина хетарехь, бинчу барташна талламаш бан бакъо ерш федералан кхелан инстанцеш а бен яц.

Шинарин дийнахь хиллачу гIалгIайн къоман конрессан декъашхоша дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире республикан куьйгалхо массара а дакъалоцучу харжамашкахь харжар меттахIоттор доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG