ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митинг хилла Магасехь


ГIалгIайчоь -- Магас, 31ГIад2018
ГIалгIайчоь -- Магас, 31ГIад2018

Кхаарин дийнахь юха а Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал хьажийна митинг хилла ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь. И акци дIахьош яра, Iедало бакъо а елла.

Митингехь къамел динчу нахах цхьаболчара дийцара, дуьхьалонан акцехь дакъалаьцна нах шайн Iалашоне кхаьчна, цундела уьш дIасабовла мегар ду бохуш.

Митинг юхадIайолор бахьана долуш меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло кхайкхам бинера, цу хьокъехь долу низамаш лардаре кхойкхуш. Полицино варе бинера гулбелларш цара "юьхьарлаьцна машаран Iалашонаш" хилаезаш хиларх лаьцна, юкъараллин къепена кхераме йоцу аьлла.

Митиyг вовшахтоьхначу наха хаам бина кхана а, кхана Iийна а и акци хир яц аьлла (Лахьан-беттан 1,2 денош).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG