ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанца доьзнарг юристийн хаттар ду – Песков


 Песков Дмитрий.
Песков Дмитрий.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а административан доза къастош бина барт нийса хиларх лаьцна хаттар юридикан чулацам болуш ду, аьлла Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цу кепара жоп делла цо, Кремлан реакци хила езий цу хьокъехь хIоьттинчу хьолана аьлла, шега хаттар делча, хаам бо ТАСС агенталло.

"Юристаш анализ еш бу цу хьолана, ГIалгIайчоьнан конституцин кхело сацам бина. Цундела кхузахь юристаш кхин дIа а шайн болх бан беза, и хаттар юридикан чулацам болуш ду", - аьлла Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG