ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашоггин дакъа меженашка дIасадаьккхина хIаллакдарх лаьцна дийцина туркоша


Туркойчоь -- СаIудийн прокурор СаIуд ал Мохеб дIавоьдуш ву Истанбулерчу шайн консулствон кертара. ГIад. 30, 2018
Туркойчоь -- СаIудийн прокурор СаIуд ал Мохеб дIавоьдуш ву Истанбулерчу шайн консулствон кертара. ГIад. 30, 2018

Журналистан Хашогги Джамалан дакъа меженашка дIасадаьккхина хIаллак дина хилла, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Истанбулерчу консулствехь иза садукъина вийначул тIаьхьа. Цунах лаьцна дуьйцуш ду туркойн инарлин прокуратуро динчу дIахаийтарехь, хаам бо CNN телекомпанино.

Туркойчоьнан прокуратурина хетарехь, зуламхоша хьалххе план яьккхина хилла журналист вен. Цхьа кIира хьалха туркойн полицино шайна бакъо ялар дехна хилла СаIудийн консултвон кертахь йолчу гIу чохь таллам бан, цу чохь журналистан дегIан меженаш къайлаяьхна хила мега аьлла шеко йолуш.

Хьалхо дуьененерчу прессо хаам баржийнера Хашоггин докъан цхьацца дакъош консулствон бешахь карийна аьлла.

Хашогги вийна Гадужу-беттан 2-чу дийнахь, дипломатин миссин керта ваьллачул тIаьхьа. Журналист цига вахана хилла шен хIусамнана ша йитина хиларх лаьцна кехат даккха. ТIаьхьо СаIудийн Iедалш къера хилира журналист консултвон кертахь вийна хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG