ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна болх карийна тIех сов берстинчу "гаишникашна"


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Instagram-чу агIона тIехь яздина, ша дукха ойла йина хиларх лаьцна, шен дегIана терго ца ечу ГИБДД-н белхахойх пайда муха оьцур бара-те бохучух.

Цхьа вариант санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, уьш дIахIитто мегар дара цIерпоштнекъах дехьаволийлашкахь шлагбаумийн метта я некъа йистошкахь урамийн цIерш тIехь йолу гIуркхаш а карахь. Кадыровна хетарехь, цу гIуллакхо пайда бохьур бара тIех шайна берстинчу некъан полисхошна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, эхь ду Соьлж-ГIалин урамашкахь цу тайпа хатI долу ГИБДД-н белхахой латтар. Иза мегар долуш хIума дац, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG