ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовга кхайкхам бина Шемарчу тIемалоша


OGN TV каналан корреспондент Абдул-Карим Билял.
OGN TV каналан корреспондент Абдул-Карим Билял.

Шемарчу тIемалоша видеокхайкхам бина Нурмагомедов Хьабибе, хаам бо Кавказ.Реалиино. Уьш реза бац Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна иза къежарна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца иза цхьаьнаветтаваларна а.

Шемарчу тIемалошна хетарг дозийтина OGN TV каналан корреспонденто Абдул-Карим Биляла.

Цу канало Шемара тIом гойту президентан Асад Башаран Iедалца къийсам латточу оппозицин тIемалойн тобанийн агIор.

Макгрегор Конор цо эшорна шаьш даккхийдеш хилар билгал а доккхуш, тIемалоша варе во Нурмагомедов гуре ша лацийтарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG