ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОБСЕ-но толлур ду Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхор


Европехь кхерамазаллан а, цхьаьнакъахьегаран а вовшахтохаралло толлур ду Нохчийчохь кIоршаме адамийн бакъонаш талхор. Цунах лаьцна дIахьедар дина журналисташна хьалха брифинг дIахьош Москох волчу Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векалан когаметто Палладино Роберта. Цу Iалашонца ОБСЕ-но пайда оьцур бу Москох механизм олучу кепах, боху цо.

Москох механизм ю наггахь а бен пайда оьцуш йоцу кеп, адамийн бакъонаш ларъярехула йолу проблемаш талла кхоьллина, хаам бина Палладинос. Цо дийцарехь, и гIулч юьхь ю официалан дуьненаюкъарчу миссино йоккхуш йолу, Нохчийчохь цхьа а бехкам а боцуш, адамийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна болу хаамаш талларехула.

Палладинос билгалдаьккхина, Iамерка а, кхин йолу ОБСЕ-на юкъайогIу пачхьалкхаш а масийттоза гIоьртина хилар Оьрсийчоьнан Федерацина Iаткъам бан "Нохчийчохь, йина кхел а йоцуш, адамаш дайарх а, царна тIехь Iазап латторах а, цхьа а бахьана а доцуш, адамаш лецарх а, кхин долу а зуламаш дарх а, низамаш дохорах а лаьцна болу хаамаш таллийта гIерташ".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG