ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан дозанца йолчу меттигашка бIаьргтоьхна Даудовс


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад бIаьргтоха вахана Техьа-Мартанан а, Соьлжан а кIошташкахь ГIалгIайчоьнца Iуьллучу республикан территорешна.

Шеца хиллачу юьртабахаман министарна цо тIедожийна 10 де далале тесна дитина латтанаш ахар а, уьш ялтанах дIадер а. Даудовс дийцарехь, Ассиновкана а, Буматтана а гонаха дуккха а гIишлош ю тIемаш боьлхуш йохийна йолу. Меттигерчу Iедалан белхахошна тIедиллина цо уьш я меттахIиттор, я дIасаяхар.

ГIалгIайчоьнца дозанца йолчу меттигашкахь шуьйра инфраструктура кхоллар дIадоладе аьлла омра делла еарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инфраструктура кхиош а, малхбузера территореш оьшучу хьоле ялош а Iуналла дар тIедожийна цо парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а, хьалхарчу вице-премьерна Тумхаджиев Iийсана а.

Даудовс дийцарехь, дозанца йолу меттигаш цIинйеш а, керла инфраструктура кхуллуш а белхаш дIадолор ду 2019-чу шарахь бIаьсте яларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG