ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIайтъаьлла риэлторш


Чу-ара ца баккхалун бахамца риэлторша лелочу хьарамлонех дуьйцу дукха хан ю, цундела хьуьнаречу маклерийн гурашка хьо ца лацийта, дуккха а къахьега деза.

Делахь а бIарзбелла нах Iехош, рицкъ доккхучу цара керла-керла некъаш, хIилланаш леладо. Муха лаца еза петар, риэлторшка Iеха а ца войтуш, къастийра "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто.

ХIусамаш хоржуш, лохуш йолчу Ставрополерчу агенталлан офисе дуьххьара вогIуш вац, масала, Гостищев Игорь. Шен пхи эзар сом юхадерзо оьхуш ву иза. Петар лоцуш шаьш накъосталла дийр ду аьлла хилла цунна "риэлторша". Кхуьнгара ахча схьа а эцна, адресаш, телефонаш тIехь йолу тептар делла, тIаьхьара ваьккхина хилла иза шайна. Шаьш петар лохур ю, цаьрга кхуьнца хьовса а догIур ду, хIусамдайшца дийцарш дийр ду аьлла, багахь чIагIо йиннашехь, ладоьгIча, агенталла декхар ца хилла бартбан.

"Церан офисехь со санна Iехийнарш дуккха а бара. Шайн ахча схьадоьхуш, менеджершца девнаш дохуш", - дуьйцу Игора.

Бинчу бертаца а догIуш, клиентера ахча а оьций, хIусамаш юхкучу, я ханна чохь буьтучу нехан телефонаш ло цуьнга агенталло. Дукха хьолахь, цара елла телефонаш болх беш ца хуьлу. Пайден ца хиллачу телефонийн тептарх 6 эзар сом даьлла студентан Горбенко Екатеринин.

"Оцу кехат тIера телефонан лоьмарш я дIа ца йоьлхура, я жоп лора: "Хьажахьа, цхьа шо зама ю оха и петар нахе дIаелла", олий. ТIаьххьарчу ахчанах яьлла со. Сан яккхий проблемаш ю финансашца оцу тIехула", - оьгIазъоьху йоI.

Цу кепара схема керла а яц, амма юкъахь лелаш ю. Агенталло хIусамаш ца лоьху, "информацин хьаштонаш латтайо". Иттанашкахь бу "конторан" клиенташ, шайга кховдийна контракт деша а ца доьшуш, куьйгашъяздина.

"Уггар а лахарчу мехах ялсаманехь санна хьелаш чохь долу хIусамаш" карайойтур ю шаьш бохуш, чIагIонаш йина агенталлан белхахоша.

Ткъа бертан кехатан букъатIехьа яздина хуьлу, агенталлан декхарш ду - хIусамех информаци ялар клиенташна.

Ткъа клиент кхеле валахь а, цунна хила гIоле яц, хIунда аьлча, олийла дац иза Iехийна. Цаьргара бехк боккхийла дац, бертан билламаш цара кхочушбина ма хуьлу, дуьйцу риэлторо Тарасов Андрейс.

"ХIинцца схьайоьллу цара офисаш, юха хьаьжча дIакъевлина хуьлу. Шаьш долу меттигаш а цхьана хуьйцу цара. Дукха ю цу кепара фирмаш. Суна сайна а евза уьш. Цхьана юкъахь цаьрца къийсам латтийра оха", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" маклеро Тарасовс.

Гуьйренан дешаран шо долалун юхь къаьсттина пайден мур бу риэлторшна. Ставрополе схьаоьху эзарнашкахь студенташ. Оццу хенахь шайна са хуьлу "болх" жигара боккху курхалчаша а. Риэлтор ву ша бохучо масех стаге цхьа петар луш меттиг а нисло. Масийтта баттана догIу ахча цаьргара схьа а оьций, догIанаш дIа а лой, тIепаза дIавов иза. Цигахь цхьа некъ бу – оцу хIусаман кехаташ зер боху Ставрополерчу юристо Волков Павела.

"Риэлторшка хьайна гайта ала деза оцу хIусаман киншка. Хьажа деза, оцу петаран доладан бакъо йолуш мила ву. Нагахь да валахь, телефон тоьхна, талла деза гIуллакх я цаьрца цхьанакхета деза, шайгга хатта догIу, дуьхьал-м бац уьш ханна хIусаме чубита".

Уггар нах Iехочу суьртах Iиттало бахархой денна бохург санна - гIалин цIенойн пеноштIехь кехаташ хуьлу летийна. "Кху цIа чохь петар ю ханна чувуьтуш. Европан кепехь тойина чоьнаш, массо а оьшу Iер-дахаран хьелаш ду, техника а ю чохь. Мах – 10 эзар сом", олий яздой. "Джекпот ю-кх", - ойла хуьлу хIусам лоьхучун.

Ткъа цо телефон тоьхча, хьо тIаьхьависсина, петар дIалаьцна цхьаммо олий, жоп хазадо. Риэлторо кхи хIусамаш хьоьху хьуна, амма механа еза.

Схьагарехь, и пайдаоьцу схемаш чекхюьйлур ю, царех "тешарш" мел бу.

Цундела юристаша ларрий деша боху, шайга схьакховдийна бертан кехат. Къаьсттина тидаме хилар хьоьху цара кегийчу элпашца яздинарг доьшуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG