ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзал кхоллале хьалха лоьрашкара кехаташ дахар тIедожийна Нохчийчуьрчу муфтиято


Межиев Салахь-Хьажа.
Межиев Салахь-Хьажа.

Керла доьзал кхуллучу бахархошна ВИЧ а, маждар а цамгарш ца хиларан леррина сертификаташ лур ду лоьраша Нохчийчохь, дIахьедар дина республикерчу муфтийс Межиев Салахь-Хьажас. Цунах лаьцна яздо Grozny-inform агенталло.

Меттигерчу могашаллан министралло цу гIуллакхна сертификатан леррина кеп кечйина зуда ялочу божаршна а, маре боьлхучу зударшна а хьажийна. Доьзал кхолла кечлучу кегийнехан могашалла толлур ю ВИЧ а, маждар а, кхин йолу а цамгаршна.

ВИЧ цамгаран могашалла таллар Нохчийчохь юкъадаьккхина ду 2011-чу шарахь дуьйна. ХIинца могашаллан министралло тIечIагIйина цу процедурина документан керла кеп.

Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь магош дац цу тайпа дехкарш дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG