ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовс Instagram-хула хаттар дина боксере Мейвезере


Нурмагомедов Хьабиб а (аьрро), Тухугов Зубайра а.
Нурмагомедов Хьабиб а (аьрро), Тухугов Зубайра а.

Яйн йозаллехь UFC-н чемпионатан вуьззина толамхо волчу Нурмагомедов Хьабиба латаре кхайкхийна Iамеркера боксер Мейвезер Флойд. Суьйличо шен Instagram-хь видоролик арахецна, Iамеркера боксер тренировка ян октагона чуволуш яьккхина йолу.

"Хьо мичахь ву?", - яздина цу кIеллахь Нурмагомедовс.

ГIадужу-беттан 14-чохь Нурмагомедовс лата кхайкхира Мейвезер, и латар хир долу меттиг Москох "Лужники" стадион харжа мегар хилар а хьахош. Iамеркахочо тIеийцира шега бина кхайкхам, амма латар Iамеркехь а, боксан кепехь а хила деза элира цо.

Шен агIор UFC-н президенто Уайт Данас дIахьедар дира, октагона чохь а бен кхин шайн спортхой летара бац аьлла. UFC чемпионца тасавала луучо цу чемпионатан низамашца дан деза иза, бохуш вара иза.

Мейвезер октагона чохь шена гича, эшахь а аьлла яздина хир ду Магомедовс шен кехат, иза UFC-н низамашца лата кечлуш хила мега аьлла шеко кхоллаелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG