ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан 6 флотан коьртачу тIеман хIордан кеманна тIехула даьлла Ту-142


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Норвегина гергахь тIеман Iамораш дIахьош йолчу Iамеркан 6-чу флотан коьрта хьаькам тӀехь волчу (флагман) «Маунт Уитни» хIордакеманан хIодхоша шайн суртдаьккхина тIехула долуш Оьрсийчоьнан Ту-142 хIаваан тIеман кема а долуш.

Оьрсийчоьнан хадаран а, талламан а кема кху тIаьхьарчу 30 шарахь дуьххьара дахана Iамеркан буьйранчаллан хIордакеманна оццул улле.

И инцидент хилла Лахьан-беттан 2-чохь, амма цунах лаьцна хиъна шолгIачу дийнахь.

Оьрсийчоьно шена ца товш хилар хайитина НАТО-но хIода чохь дIахьош йолу маневраш. Царна жоп луш ракеташ хоьцуш тIеман Iамораш дIадахьа йоллу ша аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьно, цу регионехь лелаш долу некъан кеманаш цу хьокъехь варе а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG