ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу НальгиевгIеран тайпана стаг хилла Соьлж-ГIалахь лерринчу костаца

Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ГIалгIайчохь Нальгиев Мухьажир цIе йолчу воккхачу стагаца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа церан тайпана стаг (цуьнан цIе йоккхуш яц) веана Соьлж-ГIала, шаьш ларарна цунна баркалла ала. Цунах лаьцна хаам бина "Кавказский узело".

И воккха стаг вара Магасерчу митингехь Кадыровна маьттаза лийнарг.

НалгиевгIеран тайпанан векало рузба дина Кадыров Рамзанца цхьаьна. Цунах лаьцна сюжет гайтина "Грозный" телеканало, хаам бо "Кавказский узело".

XS
SM
MD
LG