ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно цIакхайкхина шен Угандера векал


Гайтаман сурт.

Туркойчоьнан Угандехь волу векал Явузалп Седеф цIакхайкхина Iедалша ГIадужу-беттан 29-чохь Туркойчоьнан Де даздеш хIоттийначу тойнехь желтойн ширачу хенахь хилла духар а доьхна иза леларна. Цунах лаьцна хаам бина туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта, яздо "Известия" газето.

Туркойн векалан, и барзакъ тIехь а долуш даьхна сурташ даьржина социалан машанашкахь.

Daily Sabah газето яздарехь, Явузалп а, кхин болу а Угандера туркойн дипломатин миссин декъашхой хилла ширачу хенахь грекаш лелийна хитонаш а йоьхна туркойн дезачу денна хIоттийначу барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG