ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Со бакъволу Нохчо ву


Халкъан цхьааллин денца Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир декъал а веш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина, дайша мила лорура къонахий.

"Со бакъволу Нохчо ву! Cан яхь йолчу дайша къонах лоруш ца хилла багахь цхьаъ дуьйцуш, лелош кхи долу нах. Иллешкахь юьцучу сан халкъан Историн кIоргене кхийда оьшуш дац, ас аьллачун маьIнех кхетархьама", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна "Нохчийчоь Тахана" хаамийн агенталло.

Президентца цхьана къийсам латто ша кийча ву аьлла Кадыровс, "пачхьалкхан суверенитет а, цуьнан йозуш цахилар а латторхьама".

Иштта Путинна баркалла аьлла мехкан куьйгалхочо, цо хIинццалц схьа Нохчийчоьнна гIо латторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG