ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш бертаза митинге хьовсорах дийцина Соьлжа-ГIалин бахархоша


Нохчийчуьрчу пачхьалкхан белхахоша а, студенташа а дийцина, шаьш халкъан цхьааллин де даздан кIирандийнахь нуьцкъах митинге хьовсорах. Шаьш 20 эзар стаг хуьлуьйтур ву митингехь аьлла, дIакхайкхийнера шахьаран мэрехь.

"Iуьйранна Соьлжа-ГIалин юккъехь гулдалар тIедожийнера куьйгалло. Тхоьга схьахаийтира, митинге веанарг а, ца веанарг а хьаькаман тергонехь хир ву аьлла", дийцина "Кавказан узел" агенталле Соьлжа-ГIаларчу бюджетан организацин белхахочо Ислама.

Махкарчу цхьахйолчу машенийн урхаллан куьйгалхочун гIовса а чIагIдира, лакхарчу хьаькамаша митингехь нах хилийта аьлла, шайна тIедожорах.

"ХIора организацина, дешаран урхаллана тIедиллинера оццул-хIоккхул нах балабе акци аьлла. Цундела хьалхе тхайн белхахошка дIахьединера оха кIиран Iуьйранна 10 сахьт долучу заманчохь гIалин юккъехь вовшахкхета аьлла", - дийцина цо. Ишта декхаребина хилла митинге бахка лакхарчу доьшийлашкара студенташ а. Ца вогIуш чохь виссинарг экзаменаш дIаяла тIевуьтур вац аьлла, кхерамаш тийсина хиллера царна.

Республикерчу профсоюзийн Федерацино вовшахтоьхнера митинг халкъан цхьааллин денна лерина. Гулбеллачара Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а гимнаш элира, иштта ладуьйгIира филармонин артистийн концерте а.

Карладоккху, дахначу шарахь 50 эзар стаг вара митингехь дакъалоцуш аьлла, дIакхайкхира нохчийн Iедалхоша.

Болчу хаамашца, кху шарахь 60 эзар гергга вошахкхетта хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG