ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн телевизионан белхахо Чахкиев Руслан кхелхина некъан бохамехь


ГIалгIайн телехьожийлехь йоьдучу забаречу "Прайм Тайм" программин автор Чахкиев Руслан кIиран буса велла Несарахь хиллачу некъан бохамехь аьлла, хаамбина хьосташа.

Ши машен вовшахкхетта хилла некъа тIехь. Машенийн шофераш ГIалгIайчуьрчу клиникан дарбан цIийне кхачийнера, дуьйцу орцан министралло шайн сайтехь.

"Болчу хаамашца, ший а машенлелорхо велла. Шиннах цхьаъ республикехь вевзаш волу къоман телевизионан белхахо Чахкиев Руслан ву", аьлла, яздо хаамийн гIирсашкахь.

Чахкиев кхалхарх хаам Iорабаьккхина тахана Iуьйранна "ВКонтактерчу" шен агIонехь "Сунжа" ансамблан куьйгалхочо Гулиев Iумара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG