ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIехь летта ГIалгIайчоьнан кхо вахархо дарбан цIийнехь ву


БуьритIерчу кафе чохь летта пхи жимстаг дIалаьцна полисхоша. Урсаца йинчу чевнашца ГIалгIайчуьра кхо вахархо дарбан хIусаме виллина. Къилба ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хаам кхечира конфликтах тахана Iуьйранна 4 сахьт долучу хенахь дарбан цIийне лазийнарш кхачийначул тIаьхьа. ТАСС агенталло бина и хаам полицин декъарчу хьосташна тIе а тевжина.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, летаршкахь хиллачийн цIераш билгалъяхна полисхоша. Уьш бу 22-23 шераш долу кегийнах. Бехкзуламан гIуллакх а диллина, талла долийна хилла зулам.

ГIалгIайчоьнан къоман политикан министр Яндиев Муслим а, федералан инспектор Смирнов Виталий а кхаьчна БуьритIерчу дарбан цIийне лазийначарна тIехIотта.

Толлучу гIуллакхна тIехь терго латтош ю Къилба ХIирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу министраллан урхалхочо Цуциев Аслана а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG