ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада- Центр": Ярославлерчу набахтехь тутмакхашна тIехь Iазап латтош хиларх хезна дац 69 % бахархошна


Ярославлерчу набахтехь Iазапаш латторах шаьш бинчу хаттаман жамIаш Iорадаьхна "Левада-Центро". Цаьрца а догIуш, 69 % бахархошна хезна дац тутмакхашна тIехь гIело латтайо бохуш.

23 процент респонденташа шайна хезна аьлла, Ярославлехь набахтехь ницкъ бо бохуш, амма "духе кхуьуш дац" шаьш аьлла.

Хаттаммехь дакъалаьцначу 7 проценто шайна дуьйцуш хезна аьлла, набахтехь лелочу Iазапех.

"Левада-Центран" статистикаца, 28 % респонденташна хетарехь тутмакхашца шогалла латто еза "цкъацкъа", ткъа 57 % тутмакхашна тIехь гIело латтор магийта йиш йоцург ду аьлла.

Ярославлерчу лоьмар 1 йолчу колонехь тутмакхашна тIехь ницкъ беш хиларх дийца даьккхира кху аьхка "Новая газетано" тутмакхна Макаров Евгенийна тIехь гIело латтош яьккхина видео яржийначул тIаьхьа.

Error rendering VK.

Цхьа могIа зорбанаша цунах дийца даьккхича Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх айдира набахтен белхахошна дуьхьал. 17 стаг балхара вохийра, царех ах дIалецира. Цхьа ФСИН-ан лакхара даржхо жоьпе озийна вац цкъачунна и инцидент бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG