ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн ден дакъа лаьтте кховдо схьадехна Хашоггин шина воIа


Вийначу CаIудан журналистан Хашогги Джамалан кIенташа шайн ден дакъа лаьтте кховдо схьадехна СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхошка. Ишта цара доьху иза вер таллар а.

CNN телеканална еллачу интервьюхь Салахьа а, цуьнан вашас Iабдуллас а дIахьедина, бусулбанашна еза лоручу Мединехь шайн да дIаволла лаам хиларх. "Къонахчун амал йолуш, комаьрша, Iаламат майра вара" аьлла цара шайн да.

Бехкенаш жоьпе озор бу ша аьллачу СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьах дегайовхо ю шен аьлла Салахьа.

Туркойн инарла прокуратурано дIахьедарца, журналистан Хашогги Джамалан дакъа вовшахдаьккхина, хIаллакдина хилла, Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан консулаллехь садукъийна иза вийначул тIаьхьа. Цуьнан дегIан чалхаш хIинца а карийна а яц.

Зорбанашкахь хьалхо информаци яьржира, цуьнан чалхан меженаш саIудахойн векалтерчу гIу чохь, я Туркойчуьрчу СаIудан инарла консулан хIусамехь хила тарло аьлла.

Байначу беттан 2-чу дийнахь Истанбулерчу консулаллан хIусамчуьра кхи ара ца ваьллера оппозицин журналист Хашогги. Цул тIаьхьа кхо кIира даьллачул тIаьхьа Iедалхоша хааме даьккхира цуьнан кхалхар.

Иза верна шеконашца 18 стаг лецира СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша. Амма тIе ца дитира иза верна шаьш бехкехилар.

Малхбузен пачхьалкхашна бакъ ца хета саIудахойн верси, Хашогги вер паччахьан доьзалца доьзна хила тарло аьлла цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG