Сталин Иосифна хIоллам хIотторна дуьхьал куьйгаш гулдина Новосибирскерчу бахархоша. change.org. сайтехь зорбане яьккхинчу петицина тIехь яздина ду: "Сталинна хIоллам богIарца юкъараллехь рогIера оьшуш йоцу гIовгIа йоккхур ю", - аьлла. Петици зорбане яьккхина масех сахьт а далале цунна буха куьйгашяздира 3 эзар сов стага.
Цунна дуьхьал инициативан тобано шайн агIончашка кхайкхамбина, гIалин коьртачу магистралехь хIоллам хIоттор доьхуш, кехаташ язде аьлла. Оцу юкъанна Новосибирскан Iедалш Сталинна хIоллам дIахIотто меттиг лоьхуш ду, интернетехь кхаж а тосуш.
ГIалин мэрига 155 стага дехар дина шахьарахь Сталинан скульптура хIоттаяйтар доьхуш.
Сталинан фанаташа хIинцале кечйина цуьнан бюст. 2000-чу шарера схьа дуьйнна гIерта уьш и дIахIотто.
Кху кIиранах тIеоьцур болуш бу Новосибирскехь Сталинан сийдеш хIоллам хIотторах сацам.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?