ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчубра бахархой карийна аьлла, хаамбина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло


ГIалгIайчуьра Нохчийчу вахна Цечоев Муса а, Гуцариев ИбрехIим а карийна, и шиъ волу меттиг а церан гергарчарна хууш ю аьлла, хаамбина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Цечоев Муса а, цуьнан гергара Гуцариев ИбрехIим а варах хаам баьржира кху беттан 1-чу дийнахь.

"Талламаш дIабаьхьча тIекхиина 26 шо долу Малгобекан кIоштарчу Зязиков-Юьртара Илиев Iарби а, 34 шо долу Гуцариев ИбрехIим а, 32 шо долу Цечоев Муса а волчу меттигна. Уьш барах информаци яьржинера дайначу кIиранах", - аьлла бу ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь хаам.

Урхалло билгал ца яьккхина кегийнах карийна меттиг.

"ГIалгIайчоьнан Главкоман" Телеграм-каналехь яздина ду, байнарш Дагестанехь хаабеллера аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG