ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Le Monde: Шемарчу къайлахчу сервисийн хьаькамаш лаца кхайкхийна Францино


Шеман къайлахчу сервисийн лакхара кхо даржхо лаца ордер елла Францин Iедалша. Le Monde газетано бина и хаам. Журналистийн дIахьедаршца, шемахой бехкебо адамашна дуьхьал къизаллаш а, кхидолу зуламаш а лелорна. Шеман къоман кхерамзаллан бюрон куьйгалхо Мамлюк Iела а ву, чIагIдо, бехкебечарлахь.

2016-чу шарахь Францехь тховкIело ехначу Шемара схьаваьллачу вахархочо чуелла иск бахьана долуш болийна талламаш.

2013-чу шарахь Шемахь шен гергара ши адам тIепаза дар таллар тIедиллинера цо. Шеман къайлахчу сервисаша лаьцна вара и шиъ бохуш, чIагIдора цо иск тIехь. Le Monde хьостан хаамашца, 2018-чу шарахь Шеман Iедалша и шиъ даге лазар деана велла аьлла, тIечIагIдира.

Димаьшкъа бехкейо Парижо и шиъ бертаза дIа а вигина, верна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG