ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черкесов Асланан нанас дехар дина Путине


Черкесов Аслан
Черкесов Аслан

Футболан фанат Свиридов Егор вийна аьлла, чувоьллинчу Черкесов Асланан 72 шо долчу нанас Черкесова Соняс видеокхайкхамбина, шен кIант Красноярскера дехьаваккхар доьхуш. Низамашкахь дац Черкесов Красноярскерчу набахте хьажор, цигахь цунна тIехь Iазап латтош ду, гергарчаьрца уьйр ца латтайойту.

"Ган а, я телефонехула къамел дан а бакъо ца ло тхуна. Цуьнга дIа ца кхачадо сан кехаташ, я цуьнгара соьга а", - дуьйцу Черкесова Соняс.

"2-чу группан инвалид ю со, 5000 чакхарма гена волчу цунна тIаьхьа яха гIора а дац саоьгахь", - билгалдоккху нанас. ГIебарта -Балкхаройчоьнан яхархочо дехар до Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, шайн мехкан куьйгалхочуьнга а, бакъонашларъярхошка а, йоллу юкъаралле а.

"Сан кIант Iалашван, иза могуш-маьрша сайна тIе юхакхачо таро лойша суна – Красноярскера муьлххачу а герга йолчу регионе схьавалавейша иза", - доьху Черкесовн нанас. "Кавказ.Реалии" портале Черкесов Асланан йишас Черкесова Аннас дийцарехь, церан ненан диабет ю, 10 шо ду цIе ца йоккху лазар цо токху а. Ши шо хьалха инсульт хилла, аьрру агIор лацаелла а ю цуьнан. Цхьана бIаьргана бен са гуш а яц, цхьана лергана онда а ю, дуьйцу йоIа шен ненах.

"Наггахь Асланна тIекхачархьама доьху цо иза гергарчу регионерчу набахте сехьаваккхар. 5000 чакхарма а хадош цунна тIаьхьа яха могушалла яц цуьнан", - аьлла Аннас.

Черкесов Асланан гергарчара чIагIдарца, ша зулам динчу, я ша вехачу махкахь хан такха везаш вара иза, низамаш дохош дIахаьажийна иза Красноярскан кIошта.

Лаьцначун йишас даредарца, Аслана видеокхайкхам баржийначул тIаьхьа а тоделла дац цуьнан гIуллакх.

Набахтин белхахоша провокацеш лелош, кхечу тутмакхашца конфликте вуьлуьйту иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG