ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох бертан дийцаршка бахка дагахь бу тIалибаш


Москох машаран дийцарш дIадахьа шаьш кийча хилар дIахаийтина ОвхIанистанерчу тIалибаша. Reuters агенталло бина и хаам, боламан лакхарчу векалийн хьосташна тIе а тевжина. ТIалибийн векало бакъ ца дина Оьрсийчу дахка шаьш официалан дош делла хилар.

Кремло вовшахтоьхначу дийцаршка баха дуьхьало йира ОвхIанистанан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а Iедалхоша. Оьрсийчоьнан урхалло 12 пачхьалкх а, ОвхIанистанехь шариIат дIахIотто гIертачу "Талибан" тобан векалш а кхайкхина цхьанакхета. Дийцаршкахь дакъалаца реза хилла ГIажарийчоь а, Китай а, Пакистан а, Таджикистан а, Узбекистан а, Туркменистан а.

Хьалхо Iамерко бехкейора Оьрсийчоь тIалибашна тIеман гIирс латторна. 2003-чу шарахь ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташоно а, цул тIаьхьа оьрсийн Лакхарчу кхело а "Талибан" тоба террорхойн организаци лерира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG