ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь цхьанакхетар хир дац Трампан а, Путинан а


Дуьненаюкъара Хьалхара тIом бирзина 100 шо кхачарна лерина Парижехь тIедогIучу кIирандийнахь хIитточу барамашкахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн Трамп Дональдан а, Путин Владимиран а кхачо йоллуш цхьанакхетар ца хила тарло. Трампа дина цу кепара дIахьедар. Кху беттан 30-чохь Аргентинехь йолалучу саммитехь вовшахкхетча дийцарщ дIадахьа таро ю охашимма аьлла Iамеркан президенто.

Ишта Кремло а тIечIагIдина Парижехь шина лидеран цхьанакхета аьтто хир бац аьлла.

Дуьненаюкъара Хьалхара тIом бирзина 100 шо кхочуш Парижехь барамашкахь дакъалоцур ду иттанашкахь пачхьалкхийн лидерша.

"Коммерсант" газетан дипломатин хьостано чIагIдарца, Путинан а, Трампан а цхьанакхетар юкъахдаьлла Францин президенто Макрон Эммануэла дехар динчул тIаьхьа. Шина политикан цхьанакхетаро коьртачу барамна тIера терго дIаяккхарна кхоьру иза.

Кху аьхка Хельсинкехь тIаьххьара цхьанакхеттаТрамп а, Путин а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG