ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкахь ша аьшнашвар ца тайна Умаровна


Зорбан министр Умаров Джамбулат
Зорбан министр Умаров Джамбулат

Социалан машанашкарчу шен агIонаш тIехь сийсазе, провокацин комментареш юьтучарна жоп дитина Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Шина къомана юкъахь вошалла чIагIдархьама" ша дуьту йозанаш, байташ бахьана долуш шен пенаш тIехь юьту комментареш ца тайна министрна.

"Делан кхеле дIаделла ас шу! Аш хIуъа а яздарх, питанаш тийсарх, хаалаш, суна дика хаьа шун кийрахь дерг, суна шух чекх са го. Со эзарза лийр ву, сайн дагна хьомечу гIалгIайн къомана цхьа вон дош сайгара ца хозуьйтуш", - аьлла министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG