ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен куьйга оьккхуьйтург йина аьлла дIалаьцна Москохара дешархо


Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь эккхийтар динчуьнца уьйрашкахь хилла, шен куьйга оьккхуьйтург ян гIерташ хилла аьлла, шеконашца лаьцна кхиазхо карабогIучу-беттан 2-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш сацамбина Москохарчу кхело. ТАСС агенталло бина и хаам. Москохарчу Тушинера ша вехачу хIусамехь лаьцна дIавигинера пIераскандийнахь 14 шо долу дешархо. Иза вехачу хIусамехь лоьлхуьйтурш ен мел оьшу гIирс карийна бохуш, чIагIдо.

Кхиазхочунна дуьхьал ши гIуллакх диллина. "Интерфакс" агенталлан хаамашца, бакъо йоцуш оьккхуьйтург чохь дIайиллина латторна а, лоьлхуьйтурш ярна а бехкевина иза. Кхелан ладегIарш къевлинчу неIаршкахь дIадаьхьна, бехкевийриг кхиазхо хиларна.

Архангельскерчу ФСБ-н гIишло чохь 17 шо долчу, социалан машанашкахь Панов Валерьян цIе йолчу кIанта, ша шен эккхийтар динера. "ФСБ-но бехк боцуш адамаш кхеле ийзорна а, царна тIехь къизаллаш лелорна" а бекхамбан Iалашо яра шен аьлла хиллера цо.

Динчу эккхийтарехь иза ша а велла, иштта лазийна кхи кхоъ а. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина, теракт дарна а, бакъо йоцуш тIеман гIирсаш лелорна а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG