ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимхановн хадархой набахтех хьалхабевли 50 эзар сом гIуда а токхуш


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман хиллачу шина хадархочунна 50 эзар сом гIуда тоьхна Москохарчу Замоскворецкан кIоштан кхело. "Баккхийчу барамашкахь тобанашца ахчанаш даьхна" аьлла, царна дехкина бехкаш кIаддина "шайна луъург лелийна хилла" аьлла, хийцарца. 15 шаре кхаччалц хенаш йогIура царна набахтехь такха. Бехкаш дайдина кхело шен сацам дIакхайкхочу заманчохь.

Талламан версица а догIуш, 2016-чу шарахь чоьхьарчу гIулакхийн министраллан полковнико Ахмаев СаьIида а, Нацгвардин лакхарчу лейтенанто Болатбаев Лечас а, церан кхаа накъоста -декъахоша вежарша БулгучевгIара Мовлада а, Ахьмада а, Катков Евгенийс а

Бераш лечкъор ду шун, дойур ду шу бохуш, кхерамаш а туьйсуш ахчанаш дохуш хилла бизнесхочуьнгара Жуков Константинера. Болатбаев а, Ахмаев а дIалаьцначул а тIаьхьа, цушингахь карийнера тапчанаш, автомат, патарамаш а, уьрсаш а, кастеташ а, иттанашкахь ницкъаллийн а, Талламан комитетан а белхахойн документаш а.

Ишта цаьргахь хиллера, хIетахь кхело листа а доладале, Немцов Борис верах материалийн копеш а. Зуламаш лелочу муьрехь Ахмаев а, Болтабаев а Делимхановн хадархой хиллера.

Цхьаболчу хаамашца, Кадыров Рамзанан гергара а хилла уьш. Зуламаш лелийна "Президент-Отель" хьешан цIа Кадыровн официале а йоцуш штаб-квартира лоруш ю. "Новая газетано" хаамбарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Москохарчу кхелахочун Егорова Ольгин а, инарла прокуроран Чайка Юрийн а цIарах кехаташ кхехьийтира, Ахмаев а, Болатбаев а маьрша ваккхарехь гIо доьхуш.

Талламан изоляторчохь ши шо даьккхира Делимхановн шина хадархочо. Байначу бетан 1-чу дийнахь чохь латтон хан чекхъелира цушиннан, ткъа прокуратурано кхи дIа ях ца йира. Иштта, тIаьхьо кхеле вар тIе а диллина, арахецнера и шиъ.

Эххар а шинаридийнахь дIакъевли цу шинна дуьхьал даьккхина хилла бехкзуламан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG