ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минех латтанаш цIандеш ду Нохчийчохь. ГIалгIайчохь белхаш совцийна


Латтанаш минех дIацIандар карара бутт берззалц дIадахдина Нохчийчохь, маьлхан денош латтарна. Ткъа ГIалгIайчохь хьалхара ло охьадилларца берзийна белхаш. Кхааридийнахь бина и хаам Къилба тIеман гонашкарчу пресс-гIуллакхочо Астафьев Вадима.

"Ло доцуш, денош довха латтарна бутт чекхбаллалц Нохчийчуьра лаьмнийн, хьаннийн территореш минех цIанъян дагахь ду тхо", - аьлла Астафьевс.

Цо бахарехь, дахначу шеран бIаьста дуьйна эскаран сапераша шина а республикехь минех цIандина 1,7 эзар гектар латтанаш. Лаьтта бухара яьккхина 5, 7 эзар лелхарна кхераме хIуманаш. Инженерийн дакъошкара 400 эскархо а, 40 тIеман а, лерина а техника а тIеоьзнера минаш дIаяха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG