Нохчийчуьрчу Гуьмсехь газ иккхина, кхаа стагна чевнаш йина аьлла, хаамбо "360" гIирсо. Дийцарехь, лазийнарш дарбан цIийнехь бу чолхечу хьолехь. Юьхьанца элах цIе яьлла аьлла, даьржира, амма цIе дIа а яйина, таллам бича билгалдаьлла иккхинчу газан тIаьхье хилар. Бахьанаш толлуш, зулам хиллачу меттигехь гулбелла полисхой бу.
Маршо Радионо хаамбира, Чиллан-баттахь а Нохчийчуьрчу Эвтарахь газан баллон иккхина 10 стаг, шайлахь 4 бер а долуш, лазорах.