ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу эскаре хьажийна Нохчийчуьра 70 жимстаг


Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дан хьажийна Нохчийчуьра 70 жимстаг. Соьлжа-ГIалин тIеман коммисариатехь гулбеллера уьш новкъабаха официалан даржхой а, эскаре боьлхучийн дай-наной а.

Маршо Радионо яздира, президентан Путин Владимиран омраца а догIуш, Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дан 132,5 эзар махкахо тIекхайкхарх. Цхьа шо хьалха цу нехан терахь дара 136 эзар стаг.

Меттигерчу бахархошна хетарехь, эскаран гIуллакх кхочушдинчу жимачу стеган алсам аьттонаш бу болх каро а, ницкъаллин структурийн декъашхо хила а. И бахьана долуш къаьсттина Оьрсийчоьнан эскаран могIаршка кхача луучу нехан терахь лакхара ду Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG