Шен даржах пайда оьцуш, хьарамлонаш лелийна аьлла, шеконашкахь латточу Малгобекан мэро Мамилов Шарпуддис дарж охьадиллина шен лаамехь, хаамбина гIалин администрацехь. Талламчийн версица, харц кехаташ а кечдина, электромашан компанин доладаьккхинера цо 63 сов миллион сом. 2016-чу шарахь дуьйна вара Мамилов Малгобекан администарцин куьйгаллехь. "Интерфаксо" шайн хьосташна тIе а тевжаш Iорадаккхарехь, шен лаамехь дарж дIатесна цо.
Дийцарехь, регионерчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комитетан хилла куьйгалхо Эгиев Сулиман хIоттош ву цуьнан метта.
Малгобекан хиллачу мэран бехк тIечIагIбахь итт шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу цунна.
ГIалин куьйгалхочо дарж дитарх а, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарх а официалехь дIакхайкхийна дац.
Администрацехь белхахошца кхеташо Мамиловн гIовса Кориговс дIаяьхьна аьлла яздо хаамашкахь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!