Нохчийчуьрчу Теркйистехь шерашкахь лаьттина дов дерзийна кху деношкахь. Мехкан муфтийн гIовс хьалха а ваьлла, берта бахийтина меттигерчу ИсламовгIеран гергарнаш Дагестанерчу АбуллаевгIеран цIенца. Некъан бохамехь луларчу республикан вахархочун карах валар нисделлера Теркйистерчу Исламовн.
Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, Кхарачойн-Чергазийчоьнан Лаккхарчу кхело итт шо хан тохарх, чIир йоькъуш ши стаг вийначу Алборов Игорна.