ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхар дуьйцу Iамерко


Вашингтоне керла санкцеш дуьхьал ца яхийта шайна тIедехкина декхарш кхочуш ца дина Москоха аьлла, хаамбина Конгрессе Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн департаменто. Санкцийн шолгIа пакет юкъаяккха дийцарш деш ду Iамеркан Iедалша.

Пачхьалкхан департаментан официалан векало Нойерт Хизера дIахьедарца, химин герз лелорна тIехь терго латторан Iамеркан низамо Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхар могуьйту.

Кху аьхка санкцин хьалхара пакет юкъаялийра Британехь ГРУ-н полковникна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIна Юлияна а дIавш деллачул тIаьхьа. Iамеркан Конгрессо кхо бутт хан еллера Оьрсийчоьнна оцу инцидентах жоп дала а, тIейогIучу хенахь цу кепара зуламаш лелор дац аьлла, юкъархила а.

Пачхьалкхан департаментан векало Теслер Дэвида Би-би-сина еллачу интервьюхь, карарчу хенахь кхи керла дозанаш деттар юкъадоккхуш дац, амма дийцаре деш ду тIейогIучу заманчохь дендерг.

Йохка-эцарна бен Оьрсийчоьнна кредиташ ца далар а ду хьехош. Шина пачхьалкхан юкъара дипломатин юкъаметтигаш сацорах а дуьйцу. Оьрсийчоьнан куьйгакIел йолчу авиакомпанийн кеманашца дIасакхехьарш а совцор ду, масала, "Аэрофлотан", аьлла Теслера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG