ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхоша байина лаьттах боьхкина нах карийна Иракъехь


"Исламан пачхьалкх" шех олчу тобан декъашхоша байина дIабоьхкина нах карийна Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацина (ООН) Иракъан Къилбаседанехь а, Малхбузехь а. Шинаридийнахь ООН-ан векалша Iорабаьккхина и хаам.

Хьалхо даIишхоша шайн долахь латтийначу пачхьалкхан кIошташкахь лаьттах боьхкина хилла и нах. Масех эзарнашкахь байина нах бу буьйцурш, амма билггал маса стаг ву ала хала ду, аьлла ООН-ан Иракъерчу векало Кубиш Яна. Беллачийн чалхийн талламаш беш, белхаш болийна говзанчаша. ЦIераш евзинчул тIаьхьа дIалур ду церан декъий гергарчаьрга.

2014-чу шарера 2017-чу шеран чакхене кхаччалц "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша Иракъан территорин доккхахдолу дакъа дIадерзийнера шайга.

Стохка ГIуран-баттахь шаьш жихIадхошна тIехь толам баккхарх дIакхайкхийра БагIдадо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG