ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан карара мидал схьаэцна Чехословакин КГБ-н агент хиллачу бардо


Путин Владимир Пушкинан мидал елира Ногавица Яромирна.
Путин Владимир Пушкинан мидал елира Ногавица Яромирна.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кху беттан 4-чу дийнахь Кремлехь лерринчу церемонехь Пушкинан цIарах мидал елира чехийн эшаршлакхархочунна Ногавица Яромирна. И хаам дIоггара баккхий ца берца тIеэцна Чехехь. Бахьана ду и стаг Чехословакин къайлахчу сервисан агент хилла хилар. И гIуллакх артисто къайладаьхьнера, амма иза гучувелира ларамаза карийна документаш бахьана долуш.

Москох хиллачу церемонехь оьрсийн маттахь баркалла бохуш вара Ногавица.

И сурт гинчу чехаша социалан машанашкахь комментареш йитина, кхин цкъа а шаьш цуьнан эшаршка ладугIур дац бохуш.

Цу нахана юкъахь бевзаш болу артисташ а, актераш а хилла ца Iаш, политикаш а бу. Масала, Чехин премьер-министр хилла Тополанек Мирек а, ПрахIа гIалин кхеташонан декъашхо Марванова ХIана а. "Эшаршлакхархо тIехIоьттина маьрша ойла йолу адамаш ца дезачу Iедална, артистан чакхе ю иза", - яздина Марвановас.

Путинан карара Ногавицас мидал схьаэцна хиларал а алсам, Чехехь эргIадбахана бу Пушкинан мидал елла хиларна Чехословакин КГБ-н агент хиллачу стагана.

Чехословакехь Ногавица вевзаш вара коммунистийн Iедале критикан хьажар долу артист санна. Цо лоькхура бардийн Высоцкий Владимиран а, Окуджава Булатан а эшарш. И бахьана долуш вевзаш волу стаг а хиллера цунах Чехословакехь.

Ногавицан артистан карьера йолалуш цуьнан концерташ йихкина яра Iедалша. Артистан эшаршка, къайлаха уьш дIа а язйеш, ладоьгIура цуьнан кхолларалла езачу наха. Амма дерриг а хийцаделира 1988-чу шарахь. Оцу шарахь артистана бакъо елира студехь шен албом дIаязъян.

ТIаьхьо гучуделира иза доьзна хилла хилар 1986-чу шарахь меттигерчу КГБ-ца иза болх бан волаваларца. Ногавицан кураторша цIе тиллинера цунна - Мирек.

И дерриг чехашна хиира дуккха а шераш девлча. 1990-гIа шерийн юьхьехь Ногавица Чехословакин КГБ-н мотт бетташ хиларх лаьцна документаш хIаллакдина хиллера, чоьхьарчу гIуллакхийн министран омрица и органицази дIайоккхуш. И бахьана долуш артист гучуваьлла ца хила а мегара, амма цо мотт бетташ яздина кехаташ дисина хиллера кхечу архивашкахь. Иза гучуделира 2000-чу шерашкахь.

Документаша гойтург ду Ногавица КГБ-н белхахошца цхьаьнаветталуш хилла хилар, комминистйн Iедалан тIаьххьара де тIекхаччалц.

Брно гIалахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан архивехь карийначу документца а догIуш, 1989-чу шарахь цо хаам бинера тIаьхьо Чехословакин президент хIоьттина драматург ХIавел Вацлав дIахецар доьхуш петици кечйеш жигара дакъалаьцначу нахах лаьцна.

Ногавицаc ша а куьг тIаIийнера цу петицина тIе, амма цул тIаьхьа мотт тоьхнера цо ХIавелан секретарна ХIанзел Владимирна а, цуьнан хIусамнанна Полакова Ярмилина а.

1989-чу шарахь "бархатан революци" йоьдуш ХIавел лецира Iедалша. Иза чувоьллира, 8 бутт хан а тоьхна. Амма, дуьненаюкъаралло а, Чехословакехь наха а гIортор яр бахьана долуш, хенал хьалха дIахеца дийзира иза.

Чехин зорбанан гIирсаша шуьйра яздан долийра эшаршлакхархо КГБ-н агент хилла хиларх лаьцна. И бахьана долуш эххаре а къера хилира Ногавица ша лелийначунна.

Иза муха нисделира дийцира цо шен интервьюхь. КГБ-ца юкъаметтигаш лелош баланс ларлур ю моьттуш вара ша, амма дукха тешамза гIуллакх хиллера иза, бохуш вара Ногавица.

И интервью еллачул тIаьхьа кхин журналисташца юкъаметтигаш ца лелош юхавелира артист. Шен кхоллараллах лаьцна интервью луш меттиг нисбелча а, цо кхин ца хьахайора и тема.

Гарехь, Ногавицас Оьрсийчоьнан политиках лаьцна вониг ца алар а хила мега цунна Пушкинан мидал яларан бахьана. Амма эшаршлакхархочо и совгIат схьаэцаро дика дуьйцу цуьнан ойланех лаьцна.

2014-чу шеран Гезгмашин-баттахь Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа ХIолландера оьрсийн поэзи гочъярхо Боланд ХIанс реза ца хилира Путинан карара мидал схьаэца.

Пушкинан цIарах мидал елла ву 952 стаг. Културехь а, исбаьхьаллехь а, литературехь а, гуманитаран Iилманашкахь а кхиамаш бахарна луш ю иза. Делахь а мидал еллачарна юкъахь ву масийтта политик. Царах цхьаъ ву Кремлан дуьненаюкъара политика цхьадолчу хаттаршкахула къобул еш волу Чехин хилла президент Клаус Вацлав.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG