UFC-н чемпионе, дагестанхочуьнга Нурмагомедов Хьабибе шен гIоьнча хилар дехна Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира. РогIерчу церан цхьанакхетарехь дийцаредийр долуш ду и хаттар, хаамбо ТАСС агенталло.
"ХIаъ, республикан урхалхочо шен гIовс хила аьлла соьга, кеста вовшахкхета везаш ву тхойшиъ, цигахь жоп лур ду ас", - аьлла Нурмагомедовс.
Дагестанан лаккхара совгIат дина латархочунна шинаридийнахь, ткъа цуьнан дена Нурмагомедов Iабдулманапна а, тренерна а мидалш елла спортехь кхиамаш бахарна аьлла.
Маршо Радионо яздира, байначу беттан 6-чохь Макгрегор Конорца хиллачу латаршкахь толам баккхарх Нурмагомедов Хьабиба.