Азербайжданерчу банкан хиллачу куьйгалхочун зуда Хаджиева Замира дIалаьцна Лондонехь. Harrods олучу йохка-эцаран туьканахь фунташкахь 16 миллион ахча а дайина, кхин а 20 миллионна чу-ара ца баккхалун бахам а эцначул тIаьхьа лаьцна иза. Полицино толлуш ду, стенгара даьлла банкхочун хIусамнанна оццул ахча.
"Би-Би-Си-н" оьрсийн маттарчу сервисо хаамбарехь, 55 шо ду Хаджиева Замирин. Азербайджанерчу Дуьненаюкъарчу банкан хиллачу куьйгалхочун Хаджиев Джахангиран зуда ю иза. Ахчанашца хьарамлонаш лелорна а, ахчанаш доладахарна а бехкевина, 2016-чу шарахь набахтехь даккха кхело 15 шо кхайкхийнера цунна.
Талламчийн версица, Хаджиевс урхалла дечу юкъанна иттанашкахь миллионаш долларш дайра банкера. Шена дохку бехкаш тIе ца дуьту Хаджиевс ша.