ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РБК: Нохчийчохь протесташ яр ледара ду


Стохка гурахь дуьйна кху хене кхаччалц Оьрсийчоьнан бахархошлахь лакхаяьлла протестийн жигаралла. Кху шарахь 2526 протестан акци хIоттийна Оьрсийчохь. 2017-чу шарахь 1479 митинг хилира, яздо РБК агентало экономикан а, политикан а реформийн Центран (ЦЭПР) жамIашна тIе а тевжина.

Ах бохург санна (46, 5%) дIаяьхьна акцеш пенсин воьду хан тIетохарна дуьхьал хIиттийра.

Кху шарахь уггар а дукха протесташ Петарбухахь вовшахтоьхна. Цунна тIаьхьа ю Ростовн, Краснодарскан, Саратовн, Москохан, Свердловскан, Оренбургскан, Челябинскан, Волгоградан а кIошташ.

Дуьхьалонан акцеш дIаяхьар партал ду Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Тувахь, Мордовехь, Адыгейхь, Чукоткехь, Ненецкан а, Ямало-Ненецкан а гонашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG