ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

CNN телеканалан репортер аккредитацех ваьккхина КIайчу цIийно


Iамеркан президентан Трамп Доналдан пресс-конференцехь бакъхьа доцу къамелаш дарна CNN телеканалан журналист Акоста Джим аккредитацех ваьккхина КIайчу цIийно кхааридийнахь.

Кхечу журналисташка дош ца кхачош, КIайчу цIийнан белхахочо микрофон схьаехча, дуьхьалонаш а еш, новкъарлонаш лелийна Акостас аьлла ду Трампан пресс-секретаран Сандерс Сарин дIахьедар.

Пресс-конференцерчу видео тIехь гуш ду, CNN-н репортеро микрофон къуьйсуш КIайчу цIийнан белхахочуьнца. Акостас Трампе цхьа могIа ира хеттарш дарца иккхира инцидент. Доккхачу декъанна журналисто хаьттира, президентан харжамашна кечам бечу хенахь динчу къамелашкахь мухIажирш "тIелатархой" бу хIунда аьллера цо, кхоьрий иза Оьрсийчоьнца цуьнан командан уьйраш хилар талларх а.

Президенто "шога, вуон стаг" ву элира Акоста. Дош дашера долура Трампан кхечу журналисташца а.

Дуьххьара дац Трампна а, Акостана юкъахь цу кепара багалеяр хуьлу. 2017-чу шеран юьххьехь хиллачу пресс-конференцехь, ша президентан дарже а вале дуьхьало йинера Трампа CNN-н репортеран хеттаршна жоьпаш дала. "Харц" хаамаш баржабо цара аьллера Трампа хIетахь а.

Шайн телеканалан журналистна тIе а хIоьттина, Iамеркан президент харцвина CNN-н куьйгалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG