ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каирехь дIалаьцна ГIалгIайчуьра пхи студент


Мисарахь вайначу ГIалгIайчуьрчу пхеа студентах хаам бац, я уьш болу меттиг юьйцуш а яц аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле цхьахволчун йишас. Мисарахь доьшуш хиллачу Плиев Рамзанца зIе хаьдда Марсхьокху-беттан 14-чохь дуьйна.

"Сан ваша Плиев Рамзан а, ишта цуьнца цхьана доьшуш болу ГIалгIайчуьра Дзайтов Iела а, Чемурзиев Ислам а, Аушев Илес а, Дугиев Хизир а Мисарахь бехаш бара, деша а доьшуш. Марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь чу а лилхина, дIабигина уьш. Оха орца ца доьхуш меттиг биссина а бац, амма тхо цхьаммо а тергал ца до. Сан вешин визан хан чекхъяьлла хиллера иза лоцучу хенахь", - дийцина Плиева Хьавас.

Миграцин низамаш дохорна дIалаьцний-те уьш аьлла хаьттича, Чемурзиевгахь оццу беттан 21-чу дийнахь Оьрсийчу юхаван билет хиллера карахь эцна аьлла Плиевас.

Лаьцначу адвокато Плиев Мусас дийцина "Кавказан узел" агенталле, Плиев Рамзан студент а вара, хетарехь, спецоперацехь дIалаьцна ву иза аьлла.

"Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле а, Мисаран чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле а кехаташ яздина ас, цкъачунна жоп деана дац", - аьлла адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG