ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала ахча даккхарна кхеле хIоттийна полисхо


Машенлелорхочуьнгара 250 эзар сом даккха гIоьртинчу полисхочунна дуьхьал даьккхина гIуллакх кхеле дIакхачийна, хаамбо талламчаша.

Стохка Iай меттигерчу шина вахархочуьнца барт а бина, Mitsubishi Outlander машен а сацийна, бакъо йоцуш цунах хьаьжна хилла иза, талламчаша даредарца.

Оцу юкъанна дихкина молханаш карийнера цуьнан машенчохь. Полисхочун декъахочуьнгара эцна хилла цо и молханаш. 500 эзар сом дехна полисхочо шофере, кхерамаш а туьйсуш. Цул тIаьхьа цуьнгара машенан кехаташ схьа а даьхна, цуьнан метта а хиина Несара мел ю хихкина, мах буьйцуш. 500 эзарна тIера 250 эзаре охьаваьлла полисхо. 90 эзар сом кхаъ дIабеллачул тIаьхьа лаьцна полисхо а, цуьнан накъостий а, хаамбо Талламан комитето.

Полисхо балхара дIа а воккхуш, цунна дуьхьал гIуллакх долийра аьлла, яздина ду Талламан комитетан сайт тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG