ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лос-Анджелесан йистерчу барехь герзаш диттина 11 стаг лазийна


Лос-Анджелес
Лос-Анджелес

Лос-Анджелесан йистерчу барехь герзаш диттина мел лаххара а 11 стаг лазийна, шайлахь шерифан гIоьнча а волуш аьлла, яздо Los Angeles Times гIирсо полицин декъарчу шайн хьостан хаамца. Москохарчу хенаца Iуйранна герзаш диттина Таузанд-Окс гIаларчу Borderline Bar & Grill цIе йолчу барехь.

Los Angeles Times хьосте полисхочо дийцарехь, 30-зза герз дассийна хилла зуламхочо бар чохь. Ишта, кIур хоьцу гранаташ кхуьйсуш хилла цо барехь.

Баран сайтерчу информацица, кхаарийн буьйсанашкахь колледжашкарчу дешархошна лерина кантри музыка лоькху цу чохь. Масех бIе стаг хила тарлора цу гIишлочохь, аьлла шерифан векало. ТIелеттарг дIалаьцна аьлла, хаам бац зорбанашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG