ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикистанерчу набахтехь 20 тутмакх вийна


Таджикистанан Къилбаседанерчу Худжанд гIаларчу набахтехь кхаарин буса иккхинчу бунтехь мел лахара а 20 тутмакх а, ши хадархо а вийна. France Presse агенталло Iораяьккхина и информаци.

"Керланаш" хьостано хьалхо бинчу хаамца, 13 тутмакх вара вийнарг. Дийцарехь, тутмакхах цхьаммо хадархочуьнгара схьа а яьккхина тапча кхийсина хилла. Маршо Радион таджикийн сервисан хаамца, милцойн спецназ кхаьчна хилла набахте. Дуьйлу герзаш хезаш хилла колонин дозан тIехь. Амма Худжандерчу набахтешна тIехь урхалла латточара инофрмаци бакъ ца йина.

Маршо Радион хьостано дийцарехь, уьрсаш хилла тутмакхийн карахь, масех тутмакх вийна вада гIоьртича. Масийттан ка а яьлла къайлавала.

Луларчу Узбекистане, ГIиргIазойчу а боьдучу а, Худжанд гIаларчу некъаш тIехь а милцойн посташ ю дIахIиттийна.

Таджикистанан Iедалша къепе йохарх хоуьйтуш дац. Ишта къастаза дуьссу набахтехь бунт эккхаран бахьанаш а.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG